Оьжала я маршо
Материал из Wikipedia.
Оьжала я маршо (Ożalla ya marşo) - нохчи кьоман гимн ю. Из язин ю 19 векях. Амма 1991 шарнях Абузар Айдамировс ва Али Димаевс цун керл версий язина.
[xийца] Гимни текст
Буьйсанна борз ехкаш дуьненчу девлла тхо,
1уьйранна лом уг1уш тхан ц1ераш техкина.
Лаилах1а иллАллах1
Аьрзонийн баннашкахь наноша дакхийна,
Тархаш т1ехь дой хьийзо дайша тхо 1амийна.
Лаилах1а иллАллах1
Халкъана, махкана наноша кхоьллина,
Цаьршинна эшначохь, майра д1ах1иттина.
Лаилах1а иллАллах1
Ламанан лечарчий маршонехь кхиийна,
Халонех, бохамех курра чекхдийлина.
Лаилах1а иллАллах1
Мокхаза ламанаш даш хилла лаларах,
Дахарехь, къийсамехь яхь оха д1алур яц!
Лаилах1а иллАллах1
Бос 1аьржа ва латта молханах лелхарах,
Тхешасий сий доьхкина, тхо лаьтта доьрзур дац.
Лаилах1а иллАллах1
Тхо цкъа а цхьаннена къарделла совцур дац,
1ожалла, я маршо - шиннех цхьаъ йоккхур ю!
Лаилах1а иллАллах1
Йижараша тхан чевнаш эшаршца ерзайо,
Хьомсарчу б1аьргаша хьуьнаршна г1иттадо.
Лаилах1а иллАллах1
Мацалло хьовзадахь, орамаш дуур ду,
Хьогалло тхаш б1арздахь, бецан тхин мийра ду!
Лаилах1а иллАллах1
Буьйсанна борз ехкаш дуьненчу девлла ду,
Халкъана, махкана, Далла а муьт1ахь ду.
Лаилах1а иллАллах1
[xийца] Зурма
![]() ![]() |
Европейн Гимнош |
Австрий | Албания | Андорра | Белоруссий | Бельгий | Болгарий | Босни-Герцеговина | Ватикан | Великобританий | Венгрий | Германий | Греция | Даний | Ирландий | Исландий | Испаний | Италий | Кипр | Латвий | Литвй | Лихтенштейн | Люксембург | Македоний | Мальта | Молдавий | Монако | Нидерландош | Норвегий | Польша | Португалий | Оърс | Румыний | Сан-Марино | Сербий | Словакий | Словений | Украина | Финляндий | Франций | Хорватий | Черногория | Чехия | Швейцарий | Швеций | Эстоний |
Азийн Гимнош |
Азербайджан | Казахстан | Армений | Турций | Грузий |
Нохчийн |